"раяни пису"
Ва, кIант-йоIа хьовсийша, ма тамаша бу,
Раянин даг чохь-м цхьа пису ма ду!
Дуьне а духур ду, и дийна дита,
Цуьнан цхьа чо ахьа ма бита бита!
Йижарша боху: «Даккха хьо ара!
Оцу писуна-м вай ца дезаш хилла!»
Раянас олу: «Ма дийца и эрна,
Хьастам беш хьостуш, и дита вай кертахь!»
Ша лийр ю бохуш, и лардина Раянас,
Писуна кIело ца яйта цхьаьнга а.
ХIара забар яра, вай декъалдарна.
09.01.2026 15:01
Къонахчун декхар
Хьалха заманахь цхьана ломан юьртахь дехаш хилла цхьа жима стаг. Цуьнан цӀе Мохьмад хилла. Иза шен дена-нанна муьтӀахь а, гӀиллакхе а кхиина. Мохьмадана даима дагадогIура шен дена дош: «Къонах хила атта дац, амма и лакхалла ларъян еза».
Цкъа Мохьмад генна махка воьдуш хилла. Некъахошна юкъахь тайп-тайпана нах хилла. Цхьаболчара шайн ненан мотт бицбина, ийна буьйцура, кхечара оьздангалла йохош, вовшашца эхь-бехк доцуш къамелаш дора. Мохьмадана иза гича, цуьнан даг чу Абзаев Ӏабдул-Маликан дешнаш деара: «Вац и къонах шен ненан мотт ларбеш вацахь». Иза кхийтира — шен мотт бицбинчун шен орам а бицбелла.
Цхьана юьрта кхачале, некъахь царна цхьа воккха стаг вовшахкхийтира. Массеран а шайн гӀуллакх хилла, цхьа Мохьмад воцург, и воккха стаг волчу воьдур вацара. Мохьмад, шен говр сацийна, охьа а воьссина, воккхачу стагана гӀо дира. Цуьнан гӀиллакх а, оьздангалла а гуш яра хӀора боларца. ТӀаккха нахана хиира: «Ву и къонах гӀиллакх шегахь долуш велахь».
Шен некъ чекхбаьккхина юьрта цӀа веара Мохьмад. Наха цуьнан хьекъална а, майраллина а, оьздангаллина а ларам бора. Цо даима олура: «Стаг шен маттаца, гӀиллакхца, оьздангаллица бен къонах ца хуьлу».
Иштта Мохьмада шен дахарехь гайтира: «Ву и къонах шен ненан мотт ларбеш валахь... Ву и тӀаккха вуьззина къонах!»
Юьртахоша иза даима масалла оьцуш лелавора, хӀунда аьлча къонахалла — иза дешнаш дац, иза ненан матте, ламасташка а, оьздангалле а болу безам бу.
09.01.2026 14:59
Нохчийн меттан хьехархочунна
Хьоме хьехархо, хьан хьуьнар ду лакхара,
Ахь Ӏомийна тхуна вайн мотт — деза иллеш.
ЦӀена бийца а, дегнийн догӀа каро а,
Ахь кховдийна тхуна и хазаллин говзалла.
Припев:
Баркалла хьуна, тхан хьехархо хьоме,
Нохчийн мотт безарна, тхан ирс ахь иэди.
Даймохк а, мотт а — вайн синан бӀов ю,
И йовза ахь Ӏомий, хьо кхиамна вовзи.
Ахь довзийти тхуна и сийлахь кӀентий —
Вайн халкъан поэташ, дешнийн говзанчаш.
Арсанукаев Шайхис аьлла дош доккха,
Мамакаев Мохьмада илли аьлла мохках.
Грамматикин маьӀна — иза ду орам,
Ахь маьӀна дира хӀора дешан а ирх.
ЦӀердош ду — вайн дахар, дуьненан цӀе,
Билгалдош — вайн маттахь исбаьхьа сибат.
Хандош ду — вайн гӀуллакх, кхиаман некъ,
Хьоьца вай девзи и къайленан кхерч.
Дешнаш а, предложенеш а — иза ду тхан герз,
Мотт бийца Ӏаморна — хьуна хьалха вай ду деза.
Баркалла хьуна, тхан хьехархо хьоме,
Хьан хьехам — тхан дахарехь сирла нур ду.
Нохчийн мотт — вайн сий ду, вайн синан доза,
Ахь Ӏомийна и — тхуна маьлхан зӀаьнар ю!
08.01.2026 11:13
"Даймехкан лазам"
Кхойтта шо даьккхира вай кхечу махкахь,
Кхойтта шо хьийгира вай дог дохийла.
Шийтта итт доьзал бара — цхьа доьзал бисира,
Шийтта итт доттагI вара — цхьа доттагI висира.
Шийлачу Сибрехахь, дай баьхначу лаьттах,
Вайн къам ма даьккхира, дог хьоьстуш доцуш.
Чов йина дегнаш, мацалла хIаллакьхилла,
Къонахий дIабевлира, хIу доькъуш боцуш.
ЧIагIо ю вайн дегнашкахь, йоккха ю чов,
Вайн дайша лайна и, виц ца валалуш.
Дийна бу тахана а оцу некъан тешаш,
Даймахка сатуьйсуш, цIа берза гIерташ.
Кхойтта шо — иза вайн къоман лазам,
Кхойтта шо — иза вайн даг тIера таммагI.
Дала шен къахетам хьуна бойла, нохчийн къам,
Юха ма гойтуьйла иштта ирча зама.
08.01.2026 11:11
"ЦӀена безам"
Безам бахна, хьо езарна,
Дог сан хьоьца ийна дара.
Хьан оьздачу боларх хьоьгуш,
БӀаьргаш хьоьга хьуьйсуш дара.
ХӀора сарахь, малх чубузаш,
Хьо со ларвеш Ӏара цигахь.
Амма кхоллам хийра бели,
Дог сан дити лазамахь.
«Жима ю и, хан ялале», —
Бохуш, дас-нанас ца яийти.
Безамах со хьоьгуш вити,
Ирсан некъаш дӀахадий ти.
Хьо чӀогӀа сан дагахь йиси,
Хьан оьздалла — даима.
Лазам хилла хьо сан диси,
ЦӀена безам, ма хала дара...
08.01.2026 11:10
Сайн хьомечу дикачу дена лерина
I
Малх схьакхеташ, нур даарца,
ДегIастанан лаьмнийн баххьашкахь,
АллахI декъал войла хьо, сан хьоме Да,
Тхан хIусаман нур, тхан дозалла!
II
Дукха вахавойла хьо, лаьмнаш санна чIогIа,
Хьан даггара лаамаш кхочуш хуьлда.
Ирсе дахар, ирсе денош,
Дала хьуна совгIатна лойла!
III
ДIадахана вониш — хIордана буха,
Диканиг тIедогIуш — седа санна лепаш.
Хьан корта ма кIайлой, хьан дог ма делхийла,
Беркате ахча хьан карахь шортта хуьлда!
IV
Хьо ву-кха тхан гIортор, тхан сийсара седа,
АллахI Дала декъал войла хьо, хьоме Да!
Хьан марзо эзарнаш шерашка ехийла,
Тхан доьзалан ирс хьоьца гуттар а хуьлда!
08.01.2026 11:09
"Паччахьна баркалла"
Паччахьна ас доккха баркалла ала,
Лаьа суна, даггара сайн дешнашца.
Берийн самукъадаккха, хазалла гайта,
Цо меттигаш йира, вайн синош хьаста.
Маьждигаш схьадилли вайн Нохчийчохь цо,
Динан нур дӀасаҳийзош, дог цӀандеш вайн.
Ӏилманан некъаш а шуьйра цо дилли,
Дешарна, хьекъална неӀарш схьайилли.
Ишколаш, хьужарш, университет —
Кху махкахь кхоьллина серла бе некъ.
Къуран вай Ӏамош, дин чӀагӀдеш вай,
Баркалла хьуна, Рамзан хаьжа, вай!
08.01.2026 11:07
Сайн хьомечу вешина лерина
Дала декъалвойла хьо, сан хьоме ваша Бувайсар,
Ирсечу дахаран серло гуттар хьан новкъахь йисара.
Вониг дӀа а доьдуш, диканиг тӀедеийла хьуна,
Массо а дика аьтту Дала латтабойла хьуна.
Даго ма-бохху хьан ирсе дахар хуьлийла,
Декъал хьо хиларца вайн дог а хьоьстуш лаьттийла.
Дукха вахавойла хьо, вон ца гуш, декъал хуьлийла,
АллахӀан къинхетам хьан дахарца гуттар биссийла!
08.01.2026 11:06